Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хІунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Іанийна.
Делан лаамехь со ваьхна дела, хІинца суна кийча ду толамхочунна догІу таж. Оцу тІедогІун долчу дийнахь нийса Кхелахо волчу Везачу Эло лур ду суна и таж. Со воцучунна а, Іийса кху дуьнен чу схьаваре безамца сатийсиначарна массарна а лур ду Дала иза.