Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ЯхІуд-махкара Антиохе баьхкинчу наха бохура динан вежаршка: «Аша Муса-пайхамаран Іедалехь шаьш сунт ца дайтахь, шу кІелхьардевр дац». Цу тІехула цхьана агІор оцу нехан а, вукху агІор ПахІалан а, Бар-Наабан а чІогІа къовсам белира. ПахІал а, Бар-Нааб а, шайца кхин накъостий а болуш, Ярушалайме вахийтира, и гІуллакх векалшца а, Іийсах тешачийн тобанийн тхьамданашца а къасто. Іийсах тешачийн тобано и гІуллакх тІе а диллина, дІабоьлху уьш новкъахь, Пиникехь а, Шамран-махкахь а, севцира. Цигахь цара кхечу къаьмнех нах Далла тІеберзарх лаьцна дуьйцура. Оцу хаамо массо а Іийсах тешачунна хазахетар дахьара. Ярушалайме кхаьчча, Іийсах тешачийн тобанашкарчу наха а, векалша а, тхьамданаша а тІеийцира уьш. ПахІала а, Бар-Нааба а дийцира царна Дала шайгахула динчух дерригенах а лаьцна. Парушхошна юкъахь болчу Іийсах тешачу наха, хьала а гІевттина, элира: «Кхечу къаьмнийн нах хедийна хила а беза, цаьрга Муса-пайхамаро тІедиллина декхарш кхочушде ала а деза». Цу хьокъехь векалш а, тхьамданаш а кхеташоне гулбелира. Дуккха а дийцинчул тІаьхьа Кипас, хьала а гІаьттина, элира: «Вежарий, шуна хаьа, хьалха цкъа Дала хаьржинера со вайна юкъара кхечу къаьмнийн нахана хаза кхаъ кхайкхо, уьш Іийсах тешийтархьама. Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тІеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. Дала цхьа а тайпа башхо ца йо царна а, вайна а юкъахь, хІунда аьлча Цо, Шех тешар а делла, хьаналдина церан дегнаш. Ткъа хІинца хІунда зоь Дела, вайн дайшка а, вайга а бахьа ца белла мохь мурдийн яьІнаш тІе а биллина? Амма вай теша, кхечу къаьмнийн нах санна, Везачу Эло Іийсас къинхетам бар бахьанехь вай кІелхьардевр хиларх». ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара. Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогІалаш соьга. ШамІа-Кипас дийцина вайна Дала юьхьанца кхечу къаьмнийн нехан гІайгІа барх а, царна юкъара Шена нах харжарх а лаьцна. Цунах лаьцна пайхамарша а аьлла хІокху дешнашца: „Цул тІаьхьа Аса, юха а веана, дохийна долу Даудан четар тодийр ду. Цуьнан саьлнаш метта а хІиттийна, ирахІоттор ду иза, кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. кхечу нахе Веза Эла каравайтархьама а, Сан дола даьллачу халкъашка Иза лахийтархьама а. Иштта боху и дерриге а хІуманаш абадехь дуьйна дІахоуьйтуш волчу Везачу Эло“. Цундела суна хета, Далла тІе бахка луучу кхечу къаьмнийн нахана вай дуьхьало ян ца оьшу аьлла. Мелхо а, цаьрга кехат яздан деза вай, цІуша бехйина хІума ма яа аьлла а, нахаца леларх а, садукъдина дайинчу бежанийн жижигах а, цІийх а ларло аьлла а. Муса-пайхамаро тІедиллинарг массо а гІалахь хІора Далла леринчу шоьтан дийнахь дукха хенахь дуьйна а хІора гуламан цІийнахь хьоьхуш ма ду». Векалийн а, тхьамданийн а Іийсах тешачу тобанера массаьрца а барт хилира шайна юкъара ПахІалца а, Бар-Наабаца а Антиохе масех стаг вахийта. Цара хаьржира Сали а, Бар-Сабба аьлла кхин цІе йоккху ЯхІуд а. И ши стаг вежаршна юкъахь куьйгалхо вара. Цаьргахула хІара чулацам болу кехат дахьийтира цара: «Векалшкара а, тхьамданашкара а, массо а шун вежаршкара а. Антиохера а, Сирера а, Киликера Іийсах тешачу кхечу къаьмнийн нахе. Маршалла ду шуьга! Тхоьга хаам кхаьчна, шу долчу тхох дІакъаьстина болу нах баьхкина аьлла, оха цига хьовсийна боццушехь. Цара шуна юкъахь шайн хьехамашца сингаттамаш баьхна боху. ХІунда аьлча уьш харцвекалш а, мекара гІуллакхдийраш а бу. Цара шаьш Дала леррина Къобалвинчун векалш ду моттуьйту. Иза инзарвала хІума дац, хІунда аьлча иблисо ша а моттуьйту ша серлонан малик ду. Далла хьалха со тешна ву аша шайн кхетам хуьйцург ца хиларх, ткъа шун дегнаш чу шеко тосуш волчунна кхел хир ю, милла а иза велахь а. Шу гІалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Іаш, баьІна а хилахьара!
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода