Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара. Цо цуьнгара Дамасакх-гІаларчу жуьгтийн гуламан цІеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Іийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь. Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела.
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода