Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
ЛадогІа соьга, хІордан йистера долу къаьмнаш, ладогІа, генахь Іаш долу халкъаш! Со дуьнен чу а валале, Везачу Эло тІекхайкхина Со, ненан кийрахь волчу хенахь дуьйна, Сан цІе тиллина Цо. «Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дІакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дІахІоттийра». Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тІекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дІакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахІала, яздо хІара кехат. Ша билгалбаьхнарш Дала Шена тІекхайкхина, ткъа, тІе а кхайкхина, Шена хьалха бакъбина, бакъ а бина, церан сийлалла айина. Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гІуллакхдархо хилла сох. И Делан совгІат суна делла Цуьнан ницкъаца. Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а,
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода