Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. Рим-гІалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса: Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. Делан доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а дика а, синпаргІато а хуьлда шуна. Да волчу Делера а, Ден КІант волчу Цо леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца.
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода