Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Адамийн КІант а ма ца веана Шена хьалхара гІуллакх дайта. Иза нахана гІуллакх дан а, Шен дахар дІадала а веана, дукхахболчеран къинош дІатакхархьама». вай мостагІех кІелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гІуллакх дайтархьама, Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна. Іийса вайн къиношна тІера сагІина дІа а веллера, вай Далла хьалха бакъдархьама ден а винера. ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. Бакъдерг аьлча хІинца вехаш верг со вац, ткъа Дала леррина Къобалвинарг соьгахула вехаш ву. Со дилха долуш вехаш хиларан бахьана ду, со веза а везна, Ша сан дуьхьа дІавелла волчу Делан КІантах тешаш со вехаш хилар. Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дІаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла. Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а. Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. ХІара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хІара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац. ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. Дуьне а, дуьненан лаамаш а дІабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду.
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода