Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. Ас декъалбийр бу хьо декъалвеш берш, неІалт а эр ду хьуна неІалт кхайкхочарна, дуьнен чуьра массо а халкъ хьоьгахула декъал а дийр ду». ХІинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тІе а эцна, цу тІехь дІахІиттира. Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама. Оха цара бохург ца дира, хазачу кхоан тІехь долу бакъдерг шуьца хилийтархьама. И къайле суна Делера болчу хаамца йовзийтинера, лакхахь цунах лаьцна аса доцца яздина ма-хиллара. Хьалхалерчу адамийн тІаьхьенашна и къайле йовзийтина яцара. Амма хІинца Дала базбинчу векалшна а, пайхамаршна а Делан Синца иза йовзийтира. ТІаккха суна стигална юккъехула тІемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хІора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дІакхайкхорхьама.
К Галатам
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода