Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Къинхетаме а, дика а ву Веза Эла. Иза оьгІаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу. Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгІазвахар. Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггІург. Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а. ХІунда аьлча, стигал лаьттана гена йолччул, боккха бу Везачу Элан Шех кхоьручаьрга болу безам. ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.
Выбор основного перевода