Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гІала юхаметтахІоттор дІадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Іамал ян а бакъо яц шун!» Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.
Выбор основного перевода