Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Нехан баганашкахь Суна лерина болу хастам кхуллур бу Ас. Уггар дика машар лур бу Ас генарчарна а, уллорачарна а, – боху Везачу Эло. – Ас тодийр ду халкъ. Машар дІакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кІелхьардовлар дІакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІуш мел хаза ду! И совгІат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тІаьхьабогІучу, Дала Шена тІекхойкхун болчу массарна а».
Выбор основного перевода