ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла.
ХІара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гІайгІа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».