Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархошна хилла йолу даьІнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьІнаш а, кІамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш. ЕшаІ-ЯхІус элира: «Іаьвдина инжирийн курс схьаэца». Іаьвдина инжирийн курс схьа а эцна, иза оцу ноткъа ечу меттигна тІейиллира цара. ТІаккха паччахь товелира. ШайтІа Везачу Элана уллора дІадахара. Цо Аюбан дегІа тІе когаш тІера дуьйна коьрта тІе кхаччалц ноткъа оьхуш долу даІ туьйхира. Хьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тІе охьадоьттира. ТІаккха шайна тІехь экханан мухІар а долуш, цуьнан суьртана Іибадат деш долчу адамашна тІехь чІогІа дера а, ирча а ноткъа оьху даьІнаш даьржира.
Выбор основного перевода