Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Сулим-паччахьо, сагІа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, тІаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цІенна тІе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доІанаш а, дехарш а дахь, Даудан назма. Латта а, цу тІехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а. Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас, хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са. Сан халкъ тІехь Іаш долу ГІашан-мохк дІакъастор бу Ас, цигахь жІаьлийн мозий хир дац. ТІаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хІорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхІалгІачу дийнахь Цо садаьІна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дІакъастийна Везачу Эло. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Шеца Далла хастамаш а беш, Везачу Элан пхьуьйренехь лелош болу кад бац ткъа Дала леррина Къобалвинчун цІийца вайн дакъалацар дийриг? Вай дохош долу бепиг а дац ткъа Дала леррина Къобалвинчун дегІаца вайн дакъалацар дийриг?
Выбор основного перевода