Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан халкъ тІехь Іаш долу ГІашан-мохк дІакъастор бу Ас, цигахь жІаьлийн мозий хир дац. ТІаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. Везачу Эло исраилхойн а, мисархойн а даьхни доькъур ду. Исраилан халкъан даьхнина юкъара цхьа а хьайба лийр дац“». ШолгІачу дийнахь Ша аьлларг кхочушдира Везачу Эло. Мисархойн дерриг а бежанаш делира, ткъа исраилхойн цхьана а хьайбанна хІумма а ца хилира. Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Іачуьра хьала а ца гІовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цІенош долчохь серло яра. Исраилхойх цхьанна а хІумма а хир дац, царна жІаьла а летар дац. Я стагана а, я хьайбанна а хІума хир дац царна. ТІаккха шуна хуур ду, Везачу Эло хІун башхо йо мисархошна а, исраилхошна а юкъахь“. Шун цІенош тІехь долу цІий Суна билгало хир ю. ЦІий гича, Со шуна уллохула тІехвер ву. Ас Мисар-махкана таІзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац.
Выбор основного перевода