Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІуно, Мусага а, АхІароне а тІе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доІа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дІаяха алий. ТІаккха ас Исраилан халкъ дІахоьцур ду, Везачу Элана сагІа даккхийтархьама». Мусай, АхІаронний сихонца тІе а кхайкхина, пирІуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас. Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доІа дейша, со хІокху Іожаллех кІелхьарваккха алий». Исраилхойн куьйгалхоша а, паччахьо а, шаьш къинош летадарна къера а хилла, элира: «Бакъ ву Веза Эла!» Амма Веза Эла нийсо лелориг ву: Іесачеран лоллера Цо со паргІатваьккхира». Везачу Эло, нийса хан тІеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хІунда аьлча Ша деш долчу массо а гІуллакхашна тІехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугІура Цуьнан озе.
Выбор основного перевода