Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПирІуно элира: «Кхана». ТІаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта. Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гІуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш? Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац. Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цІе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица! Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догІуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
Выбор основного перевода