Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тІера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тІе, Іазекхи уьш дІакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал. Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира. Церан кемсашна тІе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хІаллакдира. Хьекъалалла гулдар дешил дуккха а деза ду, ткъа кхетам шорбар уггар а дикачу детил а деза ду. Везачу Эло хІоранна а Шен нуьцкъала аз хозуьйтур ду. Шен оьгІазаллин ницкъ гойтур бу Цо цІераш йийларехула а, стигал къекъарехула а, тІулгаш санна йолу къора тохарехула а, догІанаш даийтарехула а. Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе. Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.
Выбор основного перевода