Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуламан четар чохь бартбаран тІорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхІарона а, цуьнан кІенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Іуьйре тІекхаччалц. Ерриг а тІейогІу йолчу ханна исраилхойн тІаьхьенашна тІедиллина ду иза». Дуткъачу кІадих коч йоза, иштта, чалба а, доьхка а де дуткъачу кІадих. Доьхка тир яьккхина хила деза. АхІаронан кІенташна а е кучамаш а, доьхкий а, коьртах йоьхку хІуманаш а. Цу духарша церан сий а, ларам а хуьлуьйтур бу. Хьайн вешина АхІаронна а, цуьнан кІенташна а тІедуха и духарш. Царна тІе даьтта а дуттуш, Суна леррина гІуллакх дан къобалбе уьш, Сан дуьхьа уьш дІа а къастош, тІаккха Суна лерина гІуллакх деш динан дай хир бу царах.
Выбор основного перевода