Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. Уьш хІиттийнера, цаьрга дагоран сагІа доккхучу кхерчана тІехь массо а хенахь, Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана дагоран сагІанаш дахийтархьама, Везачу Эло Исраилан халкъана дІабеллачу товрат-хьехам тІехь яздинчу массо а хІумане хьаьжжина. Аса хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан долош ду. И цІа аса дІакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дІахІиттадайтархьама а, хІора Іуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагІанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тІедиллинера Дала Исраилан халкъана. Шайна гонах долчу къаьмнех уьш кхоьруш хиллехь а, цара и кхерч хьалха хиллачу метте дІахІоттийра. Цул тІаьхьа Іуьйранна а, суьйранна а Везачу Элана лерина долу дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІиттира уьш. Муьлхха а динан да хІора дийнахь Далла Іамал еш ву, цкъа а къинош дІадахалур доцу цхьатерра сагІанаш мосуьйттазза а дохуш.
Выбор основного перевода