Кхерчан еа маьІІехь цхьацца маІа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цІастанца кхала.
СтаргІина урс а хьаькхна, шен пІелгаца схьаэцна цІий кхерчан маІех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цІанбира цо. Юха, дисина цІий кхерчан буха тІе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цІена хилийта.