Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн вешина АхІаронна деза духарш де, цуьнан сий а, ларам а айархьама. Цу балхана Ас похІма деллачу говзачу нахе дІаала, Суна гІуллакх деш динан да хила иза къобалван, АхІаронна духарш кечде алий. Цара кечдан деза духарш хІорш ду: некха тІе уллу беза тІоьрмаг а, ийпад а, тІехула юху оба а, дуткъачу дуьйцинчу кІадих коч а, чалба а, доьхка а. И деза духарш АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дайта, Суна гІуллакх деш динан дай уьш хилийта. Ийпадна тІехула доьхкуш, иза ша санна дина долу доьхка хила деза. Деших а, сийначу а, сирла-цІен а, таьІна-цІен а эхангах а, дуткъачу кІадих а дина хила деза иза.
Выбор основного перевода