Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шатайпа сагІа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гІогІ а даа Далла хьалха цІена йолчу меттехь ахьа а, хьан кІенташа а, мехкарша а, хІунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагІанех долу дакъа ду. Ерриг а мохь цІера тІехь йоккхуш йолчу хенахь цара гІогІ а, некхан жижиг а, шатайпа сагІа санна, Везачу Элана даккха деза. И дакъош хьуна а, хьан берашна а гуттаренна а лерина ду, Везачу Эло тІе-ма-диллара». Хийрачо цхьаммо а деза сагІа даа мегар дац. Динан да волчохь Іачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагІа.
Выбор основного перевода