Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Сарахь а, ша къуьданаш латош, оцу кхерчана тІехь яго еза цо хаза хьожа йогІу хІума. ТІейогІу йолчу хенахь Везачу Элана хьалха аш гуттар а дан дезаш ду иза. Иза ду хІора дийнахь доккху дагоран сагІа, Синай-лома тІехь долийна долу. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
Выбор основного перевода