Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хІусамдас, лай Далла хьалха а хІоттийна, неІарна я неІаран гурана улло а вигна, цуьнан лергах Іуьрг даккха деза, ю а Іоьттина. ТІаккха лай тІейогІу мел йолчу хенахь хІусамдена вуьсур ву. Далла а ма ле, халкъана тІехь хІиттийначу хьаькамашна неІалт а ма кхайкхаде. Нагахь санна цхьа къовсаме долу гІуллакх цхьалхадаккха шайна хала делахь, – и гІуллакх цІий Іанорах лаьцна, девнах лаьцна, я чов ярх лаьцна делахь, – шун гІаланашкара нах берриш а цхьатерра реза бацахь, хьала а гІовттий, шайн Везачу Дала къастор йолчу оцу метте дІагІо. Левихой болчу динан дайшна а, оцу деношкахь кхел еш хир волчу кхелахочунна а тІе а гІой, цаьрга хатта, тІаккха цара эр ду шуьга кхел нийса муха ян еза. тІаккха юкъахь дов долу и ший а стаг Везачу Элана а, оцу деношкахь гІуллакх деш хир болчу динан дайшна а, кхелахошна а хьалха дІахІуттийла. «Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хІума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.
Выбор основного перевода