Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тІехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дІа ма дийшалаш. Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тІехь а йолуш дІадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду. Цо адамашна гІело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хІума а дІало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хІума а ло, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а ло. адамашна цо гІело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дІа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хІума а лахь, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а цо лахь, Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь.
Выбор основного перевода