Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Декхарш дуьтуш долу ворхІалгІа шо тІекхочуш ду“, – боху цІена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бІаьрмециг довла мега, цунна юхалург хІума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тІаккха иза шуна къилахь лорур ду. Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду, ткъа гІело хьоьгучеран узарш а Цунна дІахезаш ду. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гІо доьхуш кхайкхира со. Шен цІа чохь Цунна сан аз дІахезира. Сан орца Цуьнан лере дІакхечира. Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
Выбор основного перевода