Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гІо де цунна, тІевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидІа а Іайта. Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хІуманна а тІе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара. Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тІедоьлхучу лаьтта тІехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тІехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама. Цунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тІе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тІера ял йоккху аша!» – аьлла. Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса.
Выбор основного перевода