Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеана стаг шайн махкахь ваха охьахаахь, цунна ницкъ ма бе. Шаьш долчохь ваха хиъна волу тІевеана стаг, шайн махкахо санна, лара. Хьо санна, веза иза, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Со шун Веза Дела ву. Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тІевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тІедуху хІума а ло цунна. Везалаш шаьш долчохь ваха хиъна волу тІевеана стаг, хІунда аьлча шу шаьш а ма дара тІедаьхкинарш Мисар-махкахь. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода