Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас цуьнга элира: «Ас, гІалех ара а ваьлла, Везачу Эле куьйгаш а айина, доІа ма-диннехь, стигал а къекъар яц, къора а соцур ю. ТІаккха хуур ду хьуна латта Везачу Элан дуйла. Вайн Везачу Дала вайца барт бина Хьарибехь. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тІехь мел дерг а. Везачу Эло тахана чІагІо йина, шу Цуьнан долахь долу жовхІар ду аьлла, Цо ма-аллара, Цуьнан дерриш весеташ аша лардан деза. Даудан назма. Латта а, цу тІехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а. Сан мостагІаша суна тІехь толам цабаккхарх хуур ду суна, Хьо суна реза хилар. Везачу Эло Шена Якъубан тІаьхье хаьржина, Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина. Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Латта а, цу тІехь мел дерг а Везачу Элан ду». Цо вайн дуьхьа Шен дахар дІаделла, вай муьлххачу а зуламех паргІатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тІегІиртина долу а халкъ къинойх цІандархьама а.
Выбор основного перевода