Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирІунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг. Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо, тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш.
Выбор основного перевода