Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тІаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дІахьо». Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХІоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цІеналла лар а йо, тхайна тІедиллинарг кхочуш ца дойту хІума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цІеналла ларйина, тхаьшна тІедиллинарг кхочушдархьама». Вовшашца бинчу бартаца шаьш доІа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тІаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама.
Выбор основного перевода