Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДІакхийса шайгахь болу хийра цІуш, цІан а лой, тІера бедар а хийца. ХІунда аьлча Со шун Веза Дела ву. Суна хьалха шаьш дІакъастаделаш, иштта цІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву. Лаьттахула текхачу боьхачу хІуманашка шаьш бех ма дайта. Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена. Иза дІавуьжучу маттах дІахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Ткъа уьш цІанбеш хІара де: къинойх цІанбан лерина кечдинчу хин цинцаш тоха царна тІе. Шайн догІмаш тІера берриге а чо дІабаккхийта цаьрга. Иштта шайна тІера бедарш а йиттийта цаьрга, тІаккха уьш Суна хьалха цІанлур бу. Ша цІена волчо Далла хьалха цІена воцучунна кхозлагІчу а, ворхІалгІачу а дийнахь оцу хин цинцаш тоха деза. ВорхІалгІачу дийнахь цо и стаг цІанвинчул тІаьхьа, цу стага хица шен бедарш йитта а еза, шен дегІ цІандан а деза. Сарахь иза Далла хьалха цІена хир ву. ЦІеначу дагаца, чІогІачу тешарца Далла гергахьа кхочийла вай, цинцаш тохарца вайн дегнаш бехк тІелацарх цІан а дина, вайн догІмаш цІеначу хица а дилина.
Выбор основного перевода