Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаха, тогІи чу, хьаьжначу ИбрахІимна лаьттара хьалабуьйлу буькъа, пешара болуш санна, кІур гира. Юххе а даьхкина, шу ломан кІажехь севцира. Ткъа и лам стигала дІакхаччалц цІе яьлла богура. Цигахь Іаьржа бода а, юькъа мархаш а яра. Ва Дела! Хьо Хьайн халкъана хьалхаваьлла воьдучу хенахь, яьссачу арахь Хьо волавелла воьдучу хенахь, Латта а дегадора, стигалш а ешара, Синай-ламанан Далла хьалхā, Исраилан халкъан Далла хьалхā. Иза дІахьожжушехь, дуьне дегадо, Иза дІахьакхалушшехь, лаьмнех кІур болу. Лаьмнашка дІахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара. Шу герга ца даьхкина куьг Іоттал уллохь болчу а, цІе летта богучу а ламанна а, Іаьржачу боданна а, чІогІачу махана а, ТІаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кІуьрах дуьзира и Делан цІа. Ткъа оцу ворхІ малико беана ворхІ бала дІабаллалц, цхьанна а стеган цу цІа чу ваха йиш яцара.
Выбор основного перевода