Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тІаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тІе боьрзур бу. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен эскаран цхьа хьаькам вахийтира дуккха а тІемалошца Ярушалайме Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе. Лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, сецира и хьаькам.
Выбор основного перевода