Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а аьлла чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус Лахиш-гІала ашурхойн паччахьна тІе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Іадвитахьа со. Ахьа бохху ял дІалур ю аса хьуна». ТІаккха ашурхойн паччахьо яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна кхо бІе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тІедожийра. Цу тайпана Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дІаделира Хьузакх-ЯхІус. Везачу Элан цІа чохь ша дІахІиттийначу дешин неІаршна тІера а, неІарийн гураш тІера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дІаделира цо. Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Диг ша лелочу стагал тоьлуш хир дуй? Херх ша хьокхучул тоьлуш хир буй? Ша хьалаайинчу стагана тІехь олалла дийр дуй те гІожо? Дечигах бен боцучу хьокхано адам хьалаойур дуй те? Веза Эла дерриге а латта, дакъаза а даьккхина, дассо воллуш ву. Лаьттан юьхь хьийза а хьийзина, цу тІера бахархой дІасабаржор бу Цо. «Ткъа ахьа, адаман кІант, ира шаьлта схьа а эций, цуьнца, маж йошучун уьрсаца санна, хьайн маж а, коьртара месаш а дІаяша. Терза схьа а эций, и месаш кхаа декъе екъа. Цу месех кхозлагІа долу дакъа, гІалина го бина долу денош чекхдевлча, айхьа динчу гІалин суьртана юккъе охьа а диллий, дагаде. Важа дакъа гІалина гонах шаьлтанца хедадай, охьадилла. Месийн тІаьххьара дакъа мохехь дІасадаржаде, ткъа Со хьалаайинчу туьраца цунна тІаьхьавер ву. Ткъа ахьа, ваха а гІой, цу месех долу жима дакъа схьа а эций, хьайн бедаран дуьхах дІадехка. Хьайн бедарх дІайихкинчу месех жимма месаш схьа а эций, уьш цІерга кхийса, цигахь ягийтархьама. Оцу декъара яьлла цІе дІасаяржор ю Исраилан массо а халкъана тІекхаччалц».
Выбор основного перевода