Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!» Дага хІуманаш леца, амма уьш нислур дац. Дош ала, амма иза кхочушдийр дац, хІунда аьлча тхоьца Дела ву! ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. «ЙоІстага, берах а хилла, КІант вийр ву, Цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду». Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь. «Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хІинца а йоІстаг ма ю?» Малико жоп делла: «Хьуна тІе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дІахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КІант а эр ду.
Выбор основного перевода