Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугІийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой. Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара. Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхІудан халкъ, хІунда аьлча иза, ЯхІуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чІогІа тешаме воцуш лелара. Ашурхойн паччахь ТилгІат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гІо хиларан метта, бале велира иза цунна. Ткъа хІинца, тхан Дела, ва сийлахь Дела. Хьо Майраниг а, ларамах дузуьйтуш Верг а, вайна юкъахь болу безаман барт Ларбийриг а ма ву! Хьуна хьалха кІезиг ма хетийла оха а, тхан паччахьаша а, тхан куьйгалхоша а, тхан динан дайша а, тхан пайхамарша а, тхан дайша а, дерриг а Хьан халкъо а хьоьгуш болу бала. И бала Ашур-махкарчу паччахьашна тІера дуьйна хІара де тІекхаччалц оха хьоьгуш бу. Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!»
Выбор основного перевода