Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгІазалла сов а йоккхуш. Кхечаьрца леларх ца Іабарна, хьо ашурхошца лела йолаелира. Цаьрца леллачул тІаьхьа а, хьо царах а ца Іебира. ТІаккха иза берриг а оцу къоначу кІенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цІуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо. УхІулибата цхьаннах а хьул ца дора шен нахаца лелар, цо шен дегІ божаршна дІаделира. ТІаккха Со цунах дІавирзира, цуьнан йишех ма-верззара.
Выбор основного перевода