Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Машар дІакхайкхош волчу а, хаза кхаъ бахьаш волчу а, кІелхьардовлар дІакхайкхош волчу а, Цийоне: «Хьан Дала паччахьалла до!» олуш волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІуш мел хаза ду! И совгІат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тІаьхьабогІучу, Дала Шена тІекхойкхун болчу массарна а». Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. Ван а веана, шуна, генарчарна а, уллорачарна а, бартах болу хаза кхаъ кхайкхийра Іийсас, Іийсагахула гуттар а Далла лерина хасторан сагІа доккхийла вай, я, кхечу тайпана аьлча, Цуьнан цІе хастош болу вешан бертан стом лойла вай.
Выбор основного перевода