Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бІе ткъа шо бен хир дац». Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеІар а Цо юхадаьккхича, Царна ца хеза лаьхьа тебечун аз, молханаш лелош верг мел говза велахь а. Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар. Гуттаренна а дац Цуьнан оьгІазвахар. Иштта боху, стигал а кхоьллина, иза дІасаяржийначу а, латта а, цунна тІехь долу массо хІума а дІасадаржийначу а, цунна тІехула лелачу адамашна садеІар а, дахар а лучу а Везачу Дала: ТІаккха Ас юха а халкъашна цІена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гІуллакх дайтархьама а. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета.
Выбор основного перевода