Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара шайна сагІа доккху гунаш а, харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а дІахІиттадора муьлххачу а лекхачу меттигехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу дитта кІелахь а. Хьайн бедарех цхьайолу хІуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагІа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду! Цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цІушна доІанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло. ТІаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тІехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогІу хІуманаш а, Сан даьтта а долуш.
Выбор основного перевода