Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан бІаьргашна паччахь гур ву шен хазаллехь, гена кхочуш долу латта а гур ду. Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш. Хьан пенаш тІехь хехой хІиттор бу Ас, Ярушалайм. Уьш дийнахь а, буса а тийна хир бац. Шу, Везачу Эле кхойкхуш дерш, дист а ца хуьлуш ма Іелаш. «Адаман кІант! Ас Исраилан халкъан гІаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цІарах цаьрга дІахьедар дан деза ахьа. Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара. Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела.
Выбор основного перевода