Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Бавелера арадовла, хашадхойх дІадовда! Хазахетаран маьхьаршца дІакхайкхаде иза, массо меттехула дІасабаржабе и кхаъ: «Везачу Эло мах баларца паргІатъяьккхина Шен ялхо йолу Якъубан тІаьхье!» – алий. ДІагІо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дІахІотта. Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». ТІаккха стигалара кхечу цхьана озо олуш хезира суна: «Сан халкъ, арадала оцу гІали чуьра, цигахь къинош леточарна юкъахь дакъалоцуш хьо ца хилийта, хьуна хьайна а, царна санна, цамгарийн ун ца кхетийтархьама.
Выбор основного перевода