Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дІагІахьара шу бохуш. «Шу дІа ца гІахь, тхо массо а хІаллакьхир ду!» – бохура цара. Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. ТІаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дІагІур ю, Везачу Элан сийлалла а тІаьхьадогІур ду хьуна. Царна хьалхāхула, пенаш а дохош, Дела чекхвер ву. ГІалин ков доха а дина, арабевр бу уьш. Церан паччахь царна хьалхаваьлла дІагІур ву. Ткъа церан коьртехь Веза Эла хир ву.
Выбор основного перевода