Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалдолу Эла хаам беш вистхилира, ткъа и хаам дІасабаржош болу зударий дуккха а бара. Везачу Эло паччахьалла до. Цунна тІехь сийлаллин духар ду. Веза Эла духар дуьйхина ву, Цо ницкъан доьхка дихкина. Дуьне онда лаьтташ а ду, иза меттахдер а дац. Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дІакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІу! ЯхІудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваІданаш а кхочушде. ХІинца чул тІаьхьа Іесанаш хьан махка кхин чугІертар бац, уьш кхоччуш хІаллакбина дела. Везачу Эло боху: «ЧІогІа хастамаш бе, Цийонан йоІ! хазахетарца цІогІа тоха, Ярушалайман йоІ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогІуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу! Ткъа наха муха дІакхайкхор ду, дІакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!»
Выбор основного перевода