Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо царна тІеюттура Шен оьгІазалла а, тІеман къизалла а. Цуьнан оьгІазалло, цІеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тІе ца ийцира цара иза. Схьа а дуьйлий, тоьшаллаш дІакховдаде. ГІуллакхах лаьцна вовшех дагадовла. Мила ву дукха хенахь дуьйна хьалха иза аьлларг? Мила ву ширачу заманашкахь хиндерг аьлларг? Со, Веза Эла, вац Иза? Со воцург, кхин дела вац, нийсонан Дела а, КІелхьардохург а. Кхин цхьа а дела вац. Везачу Эло Бавеле боху: «Тийналлехь а Іе, бодашка дІа а гІо, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Кхин цкъа а эр дац хьох пачхьалкхийн зуда-паччахь. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“
Выбор основного перевода