Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харцпайхамарийн билгалонаш талхайо Ас, пал тосуш болчийн сонталла гучу а йоккху. Хьекъалчийн хьехам Ас бохабо, церан хьекъалх сонталла а йо. Бехха некъ барна, хьо кІадло, амма ахь ца олу: „Дог дохийла а дац!“ Хьан гІора юха а меттахІутту, цундела хьуна гІелъялар ца хаало. Паччахьо омра дира, бозбунчаш, палтуьйсурш, жинашца тайнарш, седа-жайна хьовсурш схьакхайкха аьлла, цаьрга шена гІенах гина суьрташ схьадийцийтархьама. Уьш, баьхкина, паччахьна хьалха дІахІиттира. Седа-жайна хьовсучара элира паччахье: «Дац-кх хІокху лаьтта тІехь цхьа а адам и гІуллакх паччахье дийцалур долуш, цундела цхьана а сийлахь а, нуьцкъала а волчу паччахьо и саннарг тІедожийна дацара цхьана а бозбунчашна а, эвлаяашна а, седа-жайна хьовсучарна а.
Выбор основного перевода