Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дІадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дІа ма далийтахьара». «Къа ду Ашуран къоман. Иза Сан оьгІазаллин гІаж ю! Цуьнан карахь Сан бекхаман Іаса ю. Іесачу халкъана дуьхьал, Со оьгІазвахийтинчу къомана дуьхьал дохуьйту Аса ашурхойн халкъ, талор лело а, хІонс яккха а, исраилхой, новкъара хатт санна, хьеша а». Амма ашурхойн паччахьо иштта ойла ца йо, цуьнан дагахь иза ца хуьлу. Цуьнан Іалашо ю дуккха а халкъаш дакъазадаха а, хІаллакдан а. Сан куьйгаша халкъийн хьал, олхазарийн баннаш санна, схьаэцна. Баннаш чохь дисина хІоаш схьаоьцуш санна, схьаэцна ас дерриг а латта, цхьаммо а тІам меттах а ца баьккхи, я бага а ца гІаттий, я цхьа а гІовгІа а ца йи». гІаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цІа ца хецнарг?“ Цундела Ас сийсазбина хьан Дезачу цІийнан куьйгалхой. Аса дІаелла Якъубан тІаьхье, иза хІаллакьяйтархьама, Аса дІаделла Исраилан халкъ, цунах кхардийтархьама». Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тІехула дІасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тІехула лелийта». Инзаре йоккхачу дераллица оьгІазвахана Со паргІат дехачу дегалчу халкъашна, хІунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгІазло кІезиг хиллехь а, Аса шайгахула таІзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.
Выбор основного перевода