Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Делах шен чІагІо а ца еш, шен доккхачу хьолах а тешна, зуламаш тІехь чІагІвелла вара и стаг». ГІело еш даьккхинчух тешна а ма Іе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дІа а ма ло. Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гІертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гІуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш. Цундела иштта боху Исраилан Везачу Дала: «Сан дош емал а дина, гІелонна а, гамделлачунна а тІетевжина шу. Овкъарна тІаьхьаваьлла лела иза, Іехийначу даго харц новкъа ваьккхина иза. Шен са паргІат а даьккхина, цуьнга ца алало: «Сан аьтту куьйгахь харцо юй теша?» ХІинца ладогІа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Іаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Іаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а.
Выбор основного перевода