Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со холчу хІоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кІел дІахьулвийр ма ву со. Ша Іачу метте дІалачкъор ма ву со, Цо тарха тІе а воккхур ма ву со. Мискачунна Хьо волчохь дІалечкъийла хилла, холчохь волчу гІийлачунна Хьо кІелхьарвала меттиг хилла. Мох хьоькхучу хенахь Хьо бун санна хилла, йовхо еанчу хенахь Хьо ІиндагІ санна хилла, хІунда аьлча буьрсачу нехан садеІар пенна дуьхьал хьоькхучу махах тера ду, хи доцучу меттехь йолчу йовхонах тера ду. Юха а бирзина, цуьнан ІиндагІехь Іийр бу уьш. КІа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагІаран санна, церан хьожа хир ю. ДогІа а тІедоьттина, хиш а дистина деана, чІогІа мох а хьаькхна, амма цуо дина долчу цІенна хІумма а ца хилла, хІунда аьлча цу цІийнан бух буточу тархана тІехь боьттина бу.
Выбор основного перевода